Нохчийн меттан де

25.04.2020

Repost i.baysultanov_95 • • • • • • Ассаламу ӏалайкум. Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара махкахой! Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон белхалойн цIарах а, сайн цIарах а, аса даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Вайна ма-хаъара хIора а шарахь, оханан беттан 25-чу дийнахь, даздеш ду Нохчийн меттан Де. И даздаран а, цуьнан сий дар а коьрта ӏалашо ю вайн тӏекхуьучу кегийрхойн ненан матте болу безам кхиор а, царна маттаца доьзна долу гIиллакхаш довзийтар а. Нохчийн меттан Де билгалдаьккхина шен омраца 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана za_kadyrova_95eng Иштта лаккхара терго яра бахьана долуш, вайн махкахь мотт кхиорехь хIора дийнахь боккха болх бу дIахьош.