Духовно-нравственное воспитание

23.10.2020

Тхан кегирхой иманехь, оьзда кхетош-кхиоран хьехархочо Ахаев 1алас хьехам бира 10-11 классерачу дешархошна. Цо дийцира адамаша вовшна юккъахь лело дезачу г1иллакхех лаьцна. Хаийтира къизалла, харцо, вон дешнаш ДАЛА магош ца хилар. Кхетийра шен махкана, 1едална муьт1ахь хила везий х1ора а! Дийцира миччахь велахь а, шен х1усаман, къоман сий лардар вайн декхар дуй!Масаллаш далорца гайтира оьздангалла, хьанал къинхьегам, адамалла хилар бусулбачу динехь коьртачех дуй.Иштта пайде цхьанакхетар хилира тахана тхан берашна.