Урок родного языка

17.02.2021

Урок чеченской литературы в 4 классе📚Урокан тема "Синтем боцу денош", Саракаев Хь..Урок луш йерг къона хьехархо Далаева Мата. Дийцаран чулацамо гойтуш дерг луьра т1ом болабелла цхьа эзар исс б1е шовзткъе хьалхара шо ду. ✔Коьрта маь1на - Даймахке к1орггера безам хила безар, машар ларбан безаш хилар.✔Дийцаран тема - чолхечу муьрехь долчу адамийн дахар.✔Ткъа урокан 1алашо йу кегийчу дешархойн хьомечу ненан мотт шарбар, цуьнга болу безам к1аргбар, нохчийн къоман доьналла, оьздангалла гайтар, шен къомах а, махкахь дог лазан 1амор."ШЕН НЕНАН МОТТ ХАЛКЪО СИЙ ОЙБУШ 1АЛАШБАХЬ, ЦУ ХАЛКЪАН ПАРГ1АТО ЦХЬАММО А ХЬОШУР ЯЦ" М.Мамакаев