Нохчийн диктант
31.01.2023Тахана оха дакъалецира Республикехь д1ахьош йолчу Нохчийн диктантехь. Иза йара Республикин паччахьо Кадыров Рамзана кхайкхиначу ши эзар ткъе кхоалг1а шо Нохчийн меттан лерина хиларца йоьзна. Ненан мотт кхиорехь а, цуьнах болу хаамаш к1орге барехь мехала дакъа лоцу и тайпаначу хиламаша, цхьанакхетарша. Х1ора а нохчийчуьнан сийлахь декхар ду вайн къоман исбаьхьа ховха мотт безаш, лоруш бийцар а, безар а, хаар а!